13 шарахь балахьегар. Къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а политикаца доьзна адамаш хьийзор

Гайтаман сурт

2012-чу шарера схьа дуьйна политикаца доьзначу бахьанашца пхи эзар гергга стаг кхеле озийна бехктакхаман гIуллакхашца, хаамбина оцу йоллу заманчохь тIерго латточу "ОВД-Инфо" проекто. Оцу кепара динамика йаьржина йуй-те Къилбаседа Кавказан мехкашкахь?

Политикан бахьанашца лоьцурш

Политикаца доьзна гIуллакхех зераш дечу хенахь, билггал хенаш тоьхна доьрзуш долчу бехктакхаман гIуллакхийн хьесап дина ца Iа "ОВД-Инфон" белхахой, дийцира тхан редакцига проектан векало.

"Оха мел а кхечу кепара йолу идеологи а, мел а шуьйра термин а йу лелош – "политикаца доьзна лоьцурш" аьлла. Оцу йукъахь набахте кхаьчнарш хилла ца Iа, кхечу барамашца дIасадовлар дихкинарш йа чу а ца бухкуш, таIзар кхайкхийнарш а цхьаьна бу", - кхетийра къамелдечо.

Проектан хаамашца, Оьрсийчоьнан хьалхарчу итт регионехь политикан бахьанашца хьийзочу нехан терахьца Краснодар-мохк йалхолгIачу меттехь бу (137 стаг), ткъа Ростов-кӀошт ворхIолгIачу меттехь (126).

Къилбаседа Кавказан регионашлахь хьалха йу Ставропрль – цигахь 93 стагана тIаьхьабевллера, ткъа иза хуьлу рейтингехь 12-гIа могIа. Оцу йукъанна царех доккхаха долу дакъа – 22 стаг – ницкъахойн тергонехь нисвеллера Украинехь тIом а балале, 2021-чу шарахь. ХIетахь Оьрсийчохь дуккха а адам арадаьлла протесташ а, акцеш а дIайаьхьира, дIовш делла, Германихь дарба лелийначул тIаьхьа йухавирзинчу оппозиционерна Навальный Алексейна гIортор йеш.

Диъ шо хьалха хиллачу хиламашкахь дакъалацарна бехктакхаман гӀуллакхаш тахана а схьадоьллуш ду Ставрополера ницкъхоша. Масала, Ессентукехь кестта кхел йийр йолуш йу меттигерчу ОвхӀанистанан ветеранийн цхьаьнакхетараллин тобанан куьйгалхо хиллачу Попов Михаилна тӀехь. 2021-чу шарахь пхи де даьккхира цо лаьцна, Навальныйна гӀортор йан кхайкхамаш бар бахьана долуш, хӀетахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело къобалдира иза лацар низамехь доцуш хилар. ХӀинца Попов бехке веш ву цо 2021-2022-чу шерашкахь коррупцица къийсам латточу фонде ворхIозза ахча делла аьлла. Дерриг а делларг мел ахча ду, хууш дац.

Къилбаседа Кавказан федералан гонашкахь политикан бахьанашца хьийзош болчу нахах доьалгIа дакъа ду Ставрополехь. Иштта хьалхарчу кхаанна йукъахь йу ГӀалгӀайчоь а, Дагестан а. ГӀалгӀайчуьрчу 75 вахархочух дукхахберш – 49 стаг – политикаца доьзна гӀелонаш лайна ву 2019-чу шарахь. ХӀетахь махкахь дуьхьалонан акцеш хилира Нохчийчоьнца латтанаш дIасадоькъуш барт хилар бахьана долуш.

Бакъонашларъярхоша цул тӀаьхьа лецарш "Оьрсийчохь уггаре а шуьйра даьржинчу политикан гӀуллакхех цхьаъ ду" бохура. Набахтехь такха ворхI шарера исс шаре кхаччалц хенаш тоьхнера ворхI стагана, царех кхоъ хан йаьккхина а ваьлла, маьршаваьккхина. Шовзткъа гергга стагана йоца хенаш йиттира, лаххара гIуданаш а диттира.

Политикан бахьанашца гӀело латторан федералан динамика Кавказан шина регионехь бен карла ца йолу: Нохчийчохь а, Дагестанехь а. Къилбаседа Кавказан федералан гонашкахь Дагестан кхоалгIачу меттигехь йу бехкебийраш дукха хиларца. 2022-чу шарахь, шуьйрачу тIамца Украинана тӀелатар динчул тӀаьхьа, 72 дагестанхойх 26 вара ницкъахоша бале лаьцна кху тӀаьххьарчу ц3 шарахь.

Кхечу регионашкахь а санна, Къилбаседа Кавказехь а изза проблемех Iиттало тхо: информаци къевлина хилар йа йиллинчу хьостанашкахь иза цахилар

2022-чу шеран гурахь мобилизаци кхайкхийна масех де даьлча, Дагестанан бахархой урамашка бевлира массо а агӀор дуьхьалонан акцеш йан, уьш лаьттира шина дийнахь: гезгамашин-беттан 25-чу а, 26-чу а деношкахь. И бахьана долуш лаьцнера 400 гергга стаг, царех лаххара а 259-нна дуьхьал административан протоколаш хӀиттийра. Лецарш Ӏаламат луьра дара, чхьонкарш а, электрошокерш а лелош – ткъа цхьанна а ницкъаллин структурийн белхахочунна таӀзар ца дира. Оццу хенахь ницкъаллин структурийн белхахошна тӀехь ницкъ барца доьзна 30 гергга гӀуллакх гучуделира.

"ОВД-Инфо" проектан версица, Нохчийчохь политикаца доьзна къаьсттина дукха нах лийцира 2014-чу шарахь. ХIетахь Соьлжа-ГIалина тIелатар динера, оцу тIехула Iедалхоша хIусамаш йагийра гIаттамхой бу бохучийн гергарчеран. Ишта 2022-чу шарахь а дукха нахана бале бевлира ницкъахой. Масала, хIетахь лачкъийна йигира оппозицин жигархойн нана Мусаева Зарема. Нохчийчохь кхел йина цунна тIехь тIечIагIдина доцчу бехкашца, ткъа 2025-чу шарахь иза арайаккха хан герга кхочуш, шолгIа бехктакхаман гIуллакх дуьхьал айдира цунна. Политикан тутмакх лоруш йу иза- бакъонашларъйархоша билгалдаккхарца, цуьнан дозанал арахьа бехачу кIенташа лело оппозицин гIуллакхаш бахьана долуш, закъалтхо йина цунах.

13 шарахь Нохчийчохь бинчу тергамашца 17 стаг бен вац политикана тIехула ницкъбина ву аьлла, къобалвина. Карара шо доладелчхьана бакъонашларъярхойн база йуьзира политикан бахьанашца Iедалхой тIаьхьабевллачу Къилбаседа Кавказерчу пхеа стагаца – Ставрополера кхо вахархо а, Кхарачой-Чергазийчура шиъ а. Оцу йукъанна "ОВД-Инфн" авторшна ца хета, регионехь политикан гӀуллакхех лаьцна информацина тIекхача аьтто бен цхьа специфика йу бохучух.

"Кхечу регионашкахь йоллучу проблемашца Iиттало тхо Къилбаседа Кавказехь а: информаци къайлайаьккхина хилар, йа йиллинчу хьасташкахь цуьнан къоьлла хилар. Масала, йиллинчу хьасташкара хаа йиш йу политикаца доьзна нах лецарх лаьцна (регионалан зорбанаш, Талламан комитетан пресс-релизаш, социалан машанашкара меттигера йукъараллаш, гIоьналлин тобанаш, ишта кхин дIа а). Йа лаьцначу оцу стага, йа цуьнан гергарчу наха хаамбо тхоьга. Нагахь санна оцу некъашца а гIуллакхех лаьцна хаа аьто ца хиллехь, тхуна гучудолу тIаьхьа, таллам чекхбаьлла, иза кхеле кхачийначул тIаьхьа. ТIаккха кхелан сайта тӀехь агӀонех лаьцна информаци тӀехь йолу карта гучудер ду, амма ур-атталла иза а тоаме дац база карлайаккха. Масала, гӀуллакхан карточки тӀехь кхело къайлайаккха тарло гӀуллакхехь дакъалоцуш волчу стеган йуьззина цӀе йа политикан артикл хилар къаьсташ ца хуьлу. Деккъа цхьана карти тӀехь йолчу информацица, дукха хьолахь, хуийла дац, и хьийзор политикан агӀор ду йа дац", - бохуш, кхетийра бакъонашларъяран проектан векало.

Цо ишта билгалдаьккхира, "ОВД-Инфон" шен "билгалдина мандат хилар" - бакъонашларйархоша луьстуш хуьлу тIамана дуьхьал къамел дарна лецначийн, магийна йоцчу, йа экстремистийн лоручу маьршачу организацешца уйраш хиллачийн гIуллакхаш.

Политикан тутмакхаш

Оьрсийчохь политикан тутмакхан статус луш йерг "Политикан тутмакхашна гIортор йар. Мемориал" цIе йолу проект йу.

"Политикан тутмакхийн статус – иза бакъонашларъяран организацино маршо дӀайаккхаран цхьацца хьелашкахь дина дӀахьедар ду. Аьлча а, оха, гӀуллакхан мах хадабой, тхайн хьежамаш бовзуьйту, гергарчу хьесапехь аьлча, и стаг набахтехь хила везаш вац олий", - боху проектан директоро Давидис Сергейс.

Карарчу заманчохь, динца доьзна децарш ца лерича, "Мемориалан" тептарехь ву 519 стаг.

Кху шеран зазадокху-баттахь бакъонашларъярхоша дIакхайкхийра Ростов-гӀаларчу футболан командин кевнашкахь лаьтташ хилла Черевань Эдуард политикан тутмакх ву аьлла. Луганскехь вина ву иза, Украинан вахархо а ву, 2014-чу шарахь Донбассехь тӀом болабеллачул тӀаьхьа Оьрсийчу дехьаваьллера иза. ГIуран-баттахь Ростов-гӀаларчу кхело 14 шо хан туьйхира футболхочунна, Украинерчу "Азов" батальоне дакъалацарна а, цу йукъа нах ийзорна а. Кхелан версица, Черевань 2023-чу шарахь дуьйна вербовка йеш хилла Ростовехь – иза бехке ван бахьана хIоьттира боху, 2016-чу шарахь Киевехь националистийн маршехь цо дакъалацар, чӀагӀдо бехккъасторхоша.

Черевань Эдуарда бехкаш тIе ца лоцу. Иза къар ца ло, шен "Азовца" цхьана а агIор уьйраш хилла йац бохуш, Киевехь хилла ша боху футболан латаршкахь дакъалацархьама, националистийн маршехь ша хилла вац, ткъа шен цигахь даьккхина сурт "шайн авторитет ойбуш" даржийна ду боху.

Цул совнаха, бехкевинчу стага чӀагӀдо, шена дуьххьара "Азовн" листовкаш гина шена талламаш бечу муьрехь – уьш ницкъахоша шена тийсина дара бохуш. Кхел низамаш дохош дӀайаьхьна, ткъа гӀуллакх анониман тешаша динчу тоьшаллашна тӀехь долийна ду, дIахьедина "Мемориало".

Оццу баттахь политикан тутмакхийн статус йелира Оьрсийчоь Украинина тӀелатарна ша дуьхьал йуйла хаийтинчу дагестанхойн Дербентера 25 шо долчу жигархочунна Гашимова Улькерна (Улькьяр). 2023-чу шарахь иза лаьцнера Шереметьево аэропортехь ФСБ-н дозанан сервисан белхахочо "низамаша тIедиллинарг кхочуш ца дарна". Лаьцна 15 де даьккхинчул тӀаьхьа оццу артиклца кхин а 15 денна чохь йитира иза, шолгӀа хан чекхъйаьллачул тӀаьхьа жигархо бехке йира экстремизме а, терроризме а кхайкхамаш барна.

Ницкъаллин структураша дийцарехь, аэропортехь таллам бечу хенахь гучудаьллера, Оьрсийчоьнан эскархошна кхерамаш туьйсучу мессенджерашкарчу тобанашкахь иза хилар. И бахьана долуш деа шарна а, эхашарна а колоне хьажийра Дагестанера йахархо. "Мемориалан" зерашца, карарчу хенахь Гашимова Таганрогерчу номер 2 йолчу СИЗО-хь йу, иза Ӏазап латтон центр лоруш йу.

Гашимова а санна, Анапан вахархо Полунин Дмитрий а лецира шайггара бехкаш дехкина административан кепехь. Оцу заманчохь ларийра талламхой бехктакхаман гӀуллакх дуьхьалдаккха материал гулйан а, шайггара бехкзуламан гIуллакх айдан а. Цу кепара, эхашарна лаьцна витира иза йуьхьанца, цул тӀаьхьа кхечу пачхьалкхаца къайлаха цхьаьна болх беш хилла аьлла, бехке а вира. Оцу йукъанна тахана а хууш дац оцу гIуллакхах лаьцна кIорггера, йа дуьйцуш дац, мел хан Полунинна тоьхна а.

И тайпа къайленаш лелоро дуьненаюкъара низамаш дохош ду, ткъа Украинана тӀелеттачул тӀаьхьа гучуйаьллачу къайлахчу цхьаьнаболхбарх лаьцначу артиклах кхин а цхьа гIирс хилла Iедалхошна "чуьрчу мостагIашца" тIом бан аьлла хета "Мемориална".

ТӀом болабелчхьана йийсаре лецначу украинхошна а цхьана луш йу политикан тутмакхийн статус – церан гӀуллакхаш луьстуш ду Ростов гӀаларчу Къилбан гонашкарчу тIеман кхелехь. "Политикан тутмакхашна гӀортор. Мемориал" проектан куьйгалхочо дийцарехь, и тайпа нах масийтаза йазбинера хуьйцучу нехан тептаршка.

"Хийцинчу тIеман йийсархошлахь а бара политикан тутмакхаш. Оха политикан тумакхаш уьш ларар бахьана долуш тептаршка йазбеш хилла а тарло уьш. Ткъа хийцар – бакъоларйархойн сацам бац, политикан бу. И сацамаш тIеоьцучу пачхьалкхан органаша уггар а хьалха тидам ма ца бо, бакъонаш ларйаран агIор, и стаг хьакъ ву цу чохь латтон, йа вац бохучун", - кхетийра Давидис Сергейс.

Нагахь санна кхел йинчу Оьрсийчоьнан бахархойх лаьцна вай дийцахь, тӀаккха теорехь политикан тутмакхийн статус хила тарло практикан маьӀна а долуш – иза тӀаьхьарчу реабилитацин бух бу, мелхо а "хинйолчу исбаьхьачу Оьрсийчохь", бохуш кхин дӀа а дуьйцу къамелхочо.

"Нагахь санна, тӀейогӀучу хенахь Оьрсийчоь демократин пачхьалкх хир йу вай бохуш делахь, тарло, цхьаъ низамашца а доцуш, политикан бахьанашца чувоьллина хилар къастийна делахь, пачхьалкхо цхьана кепара компенсаци йийр йу. Амма статус - иза йеккъа цхьа фактор йу. Эххар а, хӀара йукъараллин вовшахтохараллин а, и стаг маршонех ваккхаран бахьанийн а жамI ду, церан терго йойла ду, йа уьш тIе ца эца а мега. Нагахь санна хинйолчу исбаьхьчу Оьрсийчохь "Мемориалах" тешам хилахь, тӀаккха, муххале а, хӀара тӀетоьхна аргумент хир йу, бехк-гунахь доцуш харцонца нах хьийзийна хилар тIечагIден", - аьлла, дерзийра къамелхочо.

  • Волгоградан кӀоштан кхело политехникан колледжан 21 шо долчу студентана Глухов Андрейна I12 шо хан туьйхира луьрачу рожан таӀзаран колонехь даккха, пачхьалкхана йамартло йина цо аьлла. Бахьана, хетарехь, кхо эзар сом ахча Украине дӀадалар дара. Глуховна луьра таӀзар дина, ДЦП олу цамгар йоллушехь цуьнца.
  • Ставрополь-махкара Невинномысскера иссалгӀачу классехь доьшуш йолу йоӀ теракт кечъйарна бехке а йина, лецира. БорхIалгIачу классера дешархочуьнца цхьаьна иза бехкейо мобилан операторийн базийн станцешна цӀе тесна аьлла. Адвокаташа мед а кӀеда таIзар цунна дар дехнехь а, кхело СИЗО-хь лаьцна йитина кхиазхо.